http://www.marsho5jlvj4v5bv5zatvfzg6gd33hrykaejm2fpdxegxgqqazs76hqd.onion/a/nohchiychojnan-tsiarah-dumin-deputatana-delimhanovna-behkash-dehkina-sbu-hj-mariupolj-yokkhush-dakalajtsna-tso/32221769.html
Марсхьокху-баттахь Украинан кхерамзаллин сервисо дозанан цхьаалла йохон гIортарна а, тIекховда йиш йоцчу махкана тIелатарна а шеконаш ю аьлла, цIе йаьккхира Алаудинов Аптин, тIемаш бечу сепаратистийн "ЛНР-н" халкъан милици олучу эскаран 2-чу корпусан куьйгалхочун гIовсан. Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла седа белира Алаудиновна "ЛНР-н" а, Украинан а дозанаш тIехь турпалалла, доьналла гайтарна, ткъа Кадыровс Нохчийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан секретарь вира цунах .